"Масдар терахьашца а, классашца а хийцадалар"

13.02.2021

7-чу классехь д1аяьхьира "Масдар терахьашца а, классашца а хийцадалар" аьлла йолчу темина лерина йиллина урок (мастер класс). Хьехархочун 1алашо яра дешархой кхетош- кхиор, царна керла коьчал кхоччуш кхетош х1оранна а д1акхачор, кехаташца а, тобанашца а беш болу болх жигара баккхар. Урокан куьйгалла деш яра нохчийн меттан хьехархо Ахмадова Лида Дотуевна.📚📖Урокан вовшахтохар лерина дара дешархойн хаарш таллар, уьш кхин а лакхарчу т1ег1ан т1е дахар.📋