8 марта!
08.03.2018Лераме Мехкан Нана, Дуьненаюкъарчу зударийн дезчу денца оха даггара декъалйо Хьо! Вайн мехкан Нана хилла ца Iаш, хIора а нохчичун нана а, йиша а, накъост а хилла, схьайогIуш ю хьо. Баккъалла а вайн мохк а, вайн къам а дезаран лаккхарчу тIегIанан билгало ю иза. Вайн къам а, мохк а хьайна безар ахь дешнашца ца гайтина, мискачун гIо деш, цомгашчун орца йолуш, гIайгIанехь волчун дог хьостуш, синтемехь волчух яккхийъеш гайтина!